ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Charlie Hebdo журналана дуьхьал карикатураш арахецна Нохчийчуьрчу газето


Нохчийчуьрчу «Республикан хаамаш" ("Вести республики") газето шен агIонтIехь карикатураш ехкина Францерчу Charlie Hebdo журналана дуьхьал.

"Малхбузерчу псевдожурналисташна хьакъдоллу жоп дала лиира тхан газетина, шаьш-шайх бешачу хаамийн гIирсаша-профессионалаша муха эцабеза пайда гайтаман сатирех хаийта лиира тхуна", боху инстаграм-агIоне хIоттийначу посто.

Charlie Hebdo журнало Мохьаммад Пайхамарна ехкина карикатураш бахьанехь Европехь массийтта терроран тохар дина динан радикалаша. Цхьаболчу бусалбанашна хетарехь, Францин Iедало журнал бакъдар бахьана долуш а лилхина торроран тохарш. Ткъа Париж реза яц иштта хадочу механна – цо ша халкъан дешан бакъо ларйо боху. Журналана шен карикатурица жоп делла Нохчийчуьрчу газето.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, мехкан муфтийс Межиев Салахьа а Францин президентанна Макронна Эммануэльна ш9аьш резадацар кхайкхош, элира цунах "массо а бусалбанийн мостагI", "террорхо №I". Иштта бу церан хьажам францхойн дешан бакъонехьа ву ша бохучу президенте.
  • Малбалехь а, ша Малбузехь а дукха нах карзахбаьхна Charlie Hebdo журналана гонах лаьттачу девнаша. Къаьсттина марсабевлла цакхетамаш 47 долу Парежера хьехархо Самюэль Пати верца. Цуьнан корта баьккхира нохчийн жимчу стага цо школехь берашна Мохьаммад Пайхамарна дуьхьал дуьйцучу журнало ехкина карикатураш гайтарна.

XS
SM
MD
LG