ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харжамашкахь кхаьжнаш дагардеш ю Америка


Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь кхаьжнаш дагарден мур бу карарчу хенахь. Харжамаш чекхбевлла селхана, Лахьан-беттан 3-чу дийнахь, амма 100 миллион гергга наха – харжамхойх дукхахболучара – хенал хьалха тесна кхаьжнаш.

Президентан дарж къовсуш ву республиканхо Трамп Дональд а (Пенс Майклца цхьаьна), демократ Байден Джо а (Харрис Камалица цхьаьна).

Москвахь 9 сахьт даьллачу хенахь, Лахьан-беттан 4-чохь, харжамийн каппаш дIакъевлина Американ Штаташкахь. ТIаьххьара кхаьжнаш теснарг ю Аляска штат.

Associated Press агенталло 8.30 (мск) хан яьлча толам гайтина Байденан 18 штатехь, шайна юкъахь Калифорни а, Колумби кIошт а йолуш (харжам къасторхойн 223 кхаж), ткъа Трампехьа – 22 штатехь, царна юкъахь Техас, Огайо, Флорида штаташ а йолуш (210 кхаж).

8,30 ханна къовсам марсабаьлла боьдура цхьамогIа штаташкахь, Трамп хьалха ву Джорджехь, Мичиганехь, Къилбаседа Каролинехь, Висконсинехь, Пенсильванехь. Байденехьа къастаелла Аризона а, Мэн а. Кхаьжнаш дагабдина довлаза ду, мила тоьлур ву ала дац цкъачунна.

Джо Байдена а, Трамп Дональда аша-ша тоьлуш хиларх лаьцна къамелаш дина кху муьрехь.

Толам а баьккхина, президентан дарж карадерзо оьшу кандидатна харжамкъасторхошкара 270 кхаж.

Маршо Радионо онлайн-терго йо кхаьжнийн терахьашна тIехь.

Дуккха а кхаьжнаш почтехула дIахьовсина хиларе терра, уьш дагардан оьшур ду масех де.

Прогнозаша бахарехь, цкъа а ца хиллий-те аьлла дукха америкахой бу харжамашкахь дакъалоцуш.

XS
SM
MD
LG