Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн 46-чу президентан харжамашкахь дагардеш ду кхаьжнаш,яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Вашингтонехь кIорггера буьйса хиллехь а, президента Трамп Дональда къамел дира шен агIончашна хьалха. Цо дIахьедар дира ша тешаш хиларх лаьцна, буьззинчу барамехь толам ша боккхур хиларх: "Вай кийча ду харжамашкахь толам баккха, ткъа – хьул а ца деш аьлча – вай иза хIинцале а баьккхина".
Трампа дийцира шен аьтто баьлла хиларх лаьцна, шен харжамашкахула дуьхьалонча Байден Джо тIаьхьавита Мичиганехь а, ОхIайохь а, Техасехь а, Флоридехь а кхин йолчу а кхаьжнаш хIинцале а дагардинчу штаташкахь. Трампа баркалла элира миллионашна шегахьа кхаж тесначу нахана, иза даздан дезаш хилар а хьахош.
Цул тIаьхьа гулбеллачарна хьалха вистхилира вице-президент Пенс Майк. Цо элира кхечу штаташкахь а толам боккхур хиларх ша тешарх лаьцна. "Вай толамна тIедоьлхуш ду, вай юхадерзор ду Американ хилла сийлахь хилар", – элира цо.
Кхьажнаш дагардаран процесс дIайоьдуш ю. Кхоччуш уьш дагардинчу штаташа хIокху сохьта Трампана дIабелла харжамхойн коллегийн декъашхойн 213 кхаж, Байдена гулбина 224 кхаж.
Миннесота штат дIаелла Байденна (10 кхаж). Цигахь дагардаза дисна 10 процент бюллетенаш, амма Байден хьалха ву цигахь 10 сов процент кхаьжнаш гулдарца. Харжамийн карти тIехь дукха шататаш ца йисна толам баьккхинарг билгалваланза.
Сурт иштта ду:
Джорджехь (16 кхаж) жимма хьалха ву Трамп (2 процент), цигахь дагарданза дисна 10-х процент кхаьжнаш. Къилбаседа Королинехь (15) дагардан дезаш ду 5 процент бюллетенаш. Оцу штатехь 1,5 процент хьалха ву Трамп.
Аризонехь (11) – лидер ву Байден, 7 сов процент, дагарданза ду 20 процент кхьжнаш.
Мэнехь (4) 12 процентана хьалхаваьлла воьдуш ву Байден, амма кхин а дагардан дезаш ду 30 процент кхаьжнаш.
Йисинчу штатех коьртанаш:
Пенсильванийа (20) – 14 процентана хьалха ву Трамп, дагардина 70 процент кхаьжнаш.
Мичиган (16) – 66 процент кхаьжнаш дагардина, 8 процент алсам кхаьжнаш гулдина Трампа.
Висконсин (10) – Трамп тоьлаш ву (4 процент), дагардина 80 процент кхаьжнаш.
Невадехь (6) – тоьлаш ву Байден. Цо 3 процент алсам кхаьжнаш гулдина, 80 процент гергга кхаьжнаш дагардинчуул тIаьхьа.
Аляскехь бюллетенаш дагардан долийна дукха хан яц, амма Аляско (3) даиман а кхаж тосуш Iедал ду республикан партин кандидаташкахьа.
Iамеркахоша керла лидер хоржуж ву нисса дIа кхаж тасар а доцуш, штаташкахь бехачу харжамхойн терахье хьажжина къастийна болчу харжамхойн коллеги олучу системехула. Толам баккха кандидата гулбан беза лаххара 270 кхаж, берриг а кхаьжнийн терахь 538 а долуш.