ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу газето Charlie Hebdo-на ехкина карикатураш дIаяьхна Инстаграмо


Сатирикан Charlie Hebdo журнална Нохчийчуьрчу "Вести республики" ("Республикан хаамаш") газето ехкина карикатураш шен контентера дIаяьхна Инстаграмо. Социалан машанан администрацино иза доьзна газето "юкъараллера низамаш дохорца".

Газето карикатураш арахецнера Лахьан-беттан 3-чу дийнахь. Иза ша "Малхбузерчу псевдожурналисташна догIуш делла жоп" ду, яздинера "Республикан хаамаша".

Американ социалан машанаша шалха стандарташ лелош хилар гойту тоьшалла ду карикатураш дIаяхар, аьлла хета Нохчийчоьнан информацин а, зорбанан а министранна Дудаев Ахьмадна. "Цхьаболчу хаамийн гIирсашна дерриг а мегаш нисло, Делах теша миллирд нах сийсазбан а тIехь. Ткъа тхан гIирсанна, масала, оьздангаллин гурашкахь аьлларг а даржо ца мегаш нисло", - дIахьедина Дудаевс.

  • Charlie Hebdo журналлна гонах лела дов меттахIоьттина Францера хьехархо Пати Самюэль верца доьзна. Хьехархочун корта баьккхира Мохьаммад Пайхамар аьшнашвеш дуьйцучу журнало ехкина карикатураш цо школехь берашна гайтарх бахьана а дина.
XS
SM
MD
LG