ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь коронавирусах Къилбаседа Кавказехь велла, официалан терахьашца, 22 пациент, цамгар кхетта кхин а 907 вахархочунна.
Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Ставропол-махкахь велла 7 стаг, Краснодар-махкахь – 6, Дагестанехь – 5, ГIебарта-Балкхаройчохь – 3, Кхарачой-Чергазийчохь – 1. Регионехь пандеми яьржина лелачу берриг а беттанашкахь COVID-19 цамгарх велларг ву 3107 стаг.
ТIаьххаьрчу дийнан а, ерриг хенан а терахьаш:
• Ставропол-мохк + 205 (22079)
• Краснодар-мохк + 135 (17928)
• ГIалмакхойчоь + 94 (9468)
• ГIебарта-Балкхаройчоь + 85 (10438)
• Дагестан + 87 (16393)
• Кхарачой-Чергазийчоь + 85 (9950)
• Адыгей + 68 (6028)
• ГIалгIайчоь + 63 (7588)
• Къилбаседа ХIирийчоь + 67 (7478)
• Нохчийчоь + 18 (2701)
Къилбаседа Кавказехь юьхьанца дуьйна схьа коронавирусах цомгуш хилла лору 110051 стаг, ерриг Оьрсийчохь - 1 693 454.