ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь нах бойъуш лелларг ша цхьаъ хилла


Оршотан сарахь, Лахьан-беттан 2-чохь, Венехь виъ стаг а вуьйш, герз детташ лелларг ша цхьаъ хилла, дIахьедина Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла, хаам бо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Нехаммера бахарехь, шинарин дийнахь Австрин полицино 18-28 шераш долу 14 стаг лаьцна, уьш терроран тохаран декъахь хилар зуьйш. Австрин паспорташ хиларал сов, цаьргахь ду Бангладешан, Къилбаседа Македонин, Туркойчоьнан, Оьрсийчоьнан паспорташ.

Братиславера болчу хаамца, Венехь зенаш динарг яхначу аьхка Словакехь герз эца гIиртина хилла. Амма иза лело бакъо шегара ехча, висина гайта документ доцуш. Словакин агIоно шегахь йолу информаци дIакхачийна Австрин пачхьалкхан ницкъашка. Ткъа Венехь оцу информацех хеннахь пайда ца эцна хила тарло, иза толлуш ду, аьлла Нехаммера.

Вена шахьарна юккъехь наханна тIелеттарг ву 20 шо долу Австрин, Къилбаседа Македонин паспорташ долу Фейзулай Куйтим. Стохка набахтехь баккха 22 бутт тоьхна хилла цунна, иза Шема а вахана, ДАIИШ-ах дIакхета гIеташ хилар бахьанехь. Амма тоьхначу хенах 8 бутт чохь а баьккхина, араваьлла иза набахтера карара шо тIехIуттуш.

Полицин хаамца, Фейзулай хилла махко "дерадикализаци" ян билгалбаьхначу нехан могIаршкахь. Делахь а, ца гайтина цо шеца Австрина ша зуламе хиларан битамаш, ца хааелла цуьнца кхераме Iалашонаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG