ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Грозный" телеканалан директора бехкебо Европера нохчий Макронан политика емалъеш цахиларна


Ахмадов Чингиз
Ахмадов Чингиз

Францин президентан Макрон Эммануэлан политиканна дуьхьал лаьтташ бацарна Европерчу нохчашна ша бехкбуьллу аьлла Нохчийчуьрчу пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиза.

Нохчийчуьрчу Iедало нахана гIело ярх, адамаш идорах лаьцна критика еш хуьлучу блогерна Ломаев Мусана критика ен видео а хIоттош Инстаграмерчу агIоне, цо боху, Европерчу нохчийн агIо ца лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалло бен.

Европерчу нохчех цхьа дакъа "Францерчу Iедалехьа ду, иза я юьхьдуьххьал, я кхечу кепара бакъ а деш", - боху Ахмадовс.

  • Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс, бакъо яц регионийн куьйгалхойн арахьарчу политика лело гIерта, элира деношкахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Францин президентах "шен пачхьалкхехь терроризм яржош верг" аларца доьзна дара Песковн къамел. Францхой мостагIий лара беза аьлла Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа дина къамел а диллира Песковс тIаьхьо критике.

XS
SM
MD
LG