ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровс даккхий ахчанаш лора шен доьзалхойн аккаунташ яржорна"


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан доьзало дакъалоцура социалан машанашкара шайн аккаунташ дIасаяржош, хIора аккаунт шорйийриг 400 эзар сом лора, аьлла журналистана Дудь Юрийна интервью луш Оьрсийчуьрчу кегийрхошлахь алссам вевзачу репера Моргенштерн Алишера.

Цо дийцарехь, Кадыровн доьзалхошна шайнна лиина социалан машанашкахь реперо кхайкхийначу конкурсехь дакъа а лоцуш, спонсорш хила.

Конкурсо кхойкхуш хилла нах Моргенштернан агIоне язбала, ткъа цхьана аккаунтан пиаран мах хилла 400 эзар сом.

Реперан акцех лаьцна яздира бутт хьалха 1ADAT телеграм-канало. Моргенштерна реклама елира Кадыровна а, цуьнан зудчунна а, берашна а.

Iадато яздора, гIарайохуш, шоръечу аккауктийн дайлахь Кадыровн го а бу бохуш. "Дерриг а маьIна а цхьаъ ду, Instagram-е аккаунташ къобаъяйтар, нехан аьрзнашца уьш дIа ца къовлийтар", - аьлла, бовзийтина Iадат-канало бина хилла хаам Каспаров.Ру сайто.

Кадыровн доьзало оцу кепарчу конкурсашна иттаннаш миллионаш дайъина, чIагIдора хIетахь 1ADAT боламо, хоуьйтура Моргенштерн оцу маьIнехь вуно дукха ахча гулдеш интернетхо хилар.

  • 2017 шарахь Инстаграмо блок хIоттийра Кадыровн аккаунтана, иза Американ санкцийн тептара язйина хилар бахьане а дуьллуш. Цул тIаьхьа Кадыровс аккаунт йиллира нохчийн Mylistory сайтехь. Иштта блок хIоттийра социалан машано Кадыровн гергарчу Кадыров Хьамзатан аккаунтана а. Нохчийчоьнан куьйгалхо массийттаза гIоьртира машанехь агIо елла, масала, 2018-чу шарахь иза елла некъ ца битира Инстаграмо.
XS
SM
MD
LG