Сурхо-ХитIера (Несаран кIошт) жима маьждиг даьгна цкъачунна хууш доцчу бахьаница. Нахалахь БатIал-Хьажин мурдийн маьждиг олуш дара иза.
Билгал ца даьлла, тоькан система галъялла я цхьамма дагийна маьждиг, амма зуламхо вийцинчунна 1 миллион сом кхайкхийна вирдан хьалханчас Белхороев Iисас – иза тешна ву маьждигна цIетесна хиларх.
- Кхушара аьхка бевзашбоцчара херх хаькхна дожийра маьждигна гергахь лаьттина, вирдан устаза БатIал-Хьаьжас дийна лоруш хилла дитт. Иза шаьш сийсаздеш дина ду аьлла хийтира мурдашна. Зуламхочунна бекхам бан Iалашо кхайкхийра цара.
- Москвахь стохка гурахь ГIалгIайчоьнан " Э Центран " куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна бехкебо тергамчаша БатIал-Хьаьжин мурдаш. Зулам доьзна хила тарло 2018-гIа шо доьрзуш БатIал-Хьаьжин кIентакIант Белхароев ИбрахIим верца - "Э Центр" ю аьлла даржийра мурдашна иза вийнарг.