ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

19 нохчочо, къайлах Литва а кхаьчна, тховкIело ехна


Литварчу дозалардархоша шайн пачхьалкхерчу Шальчининкай гIалин кIоштарчу хьуьнхахь лаьцна махка легалехь а доцуш чувеана 19 нохчо. Белоруссин доза хадош кхаьчна цига и нах – 5 стаг а, 4 зуда а, бераш а, хаам баржийна белоруссийн Reformation портало, Литван дозалардаран урхаллина тIе а тевжаш.

Белоруссин-Литван доза дохийна мигранташа, Гервине хи чухула чекх а бевлла, ах километр дIабахана Литван территори тIехула. Шаьш лецча, тхов кIело ехна цара Литвага. Церан цIерш билгалъяхна дозанхоша.

  • Европе нохчий дIаэха буьйлабелира Нохчийчохь "шолгIа" тIом иккхича (1999 шо). ТIечIагIйина йоцчу информацица, Европан мехкашкахь 200 эзар сов хила тарло нохчий.

XS
SM
MD
LG