ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь полицино а, муфтиято а нахалабаьхна некъаш тIехь зуламаш дийраш


Соьлжа-ГIалахь, некъан инспекцин лерринчу декъан территори тIехь профилактикан къамел дина 80 сов машенлелорхочуьнца полицерчу хьаькамаша а, Нохчийчоьнан муфтиятан векало а, хаам бо мехкан некъан инспекцино шен Инстаграмерчу агIон тIехь.

Некъан низам талхийначаьрца къамел деш муфтийн векала емалбина "гонахарчу нахана а, шайна а кхераме" болу машенийн дай, хьехна дино харцо магош яцарх лаьцна.

Карарчу шеран беттанашкахь Нохчийчохь 185 зулам нисделла некъашца, вийна 84 стаг, лазийна 239.

  • Некъан низам талхийна нах Iарабахар, уьш телеканалашкахула гайтар дуккхаза а нисделла Нохчийчохь. Дахаран кхийолчу агIонашкахь девлла сакхташ, бехкахой телевизионийн камерашна хьалха а хIиттабой, гучудахар ю Нохчийчоьнан бахархой боьлла кеп.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG