ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШолгIа де ду Оьрсийчохь ткъаткъа эзар сов стага коронавирус лоьцу


Оьрсийчохь тIаьххьарчу 24 сахьта чохь коронавирусах цомгуш хилла, официало бахарехь, 20 396 стаг. Ткъа стомара уьнах халкъ Iалашдаран оперативан штабо довзийтина терахь дара 20 582. Пандеми йолаелчхьана схьа уггаре лакхара статистика ю иза.

Ерриг а хенахь Оьрсийчохь COVID-19 цамгар кхетта 1 753 850 гергга вахархочунна, цунах белла нах багабо иттаннаша эзарнашкахь. Оьрсийчоьнан могашаллин министра Мурашко Михаила бахарехь, 900 эзар гергга стаг ву таханенна ун кхетта, царех 250 эзар Iуьллу дарбан хIусамашкахь.

Мурашкос далийначу терахьал шозза лахара гойту изза терахь Оперативан штабо – цуьнан стистикаца цомгуш вац таханенна 410 эзар стаг бен.

Пачхьалкхехь дуккха а регионаш ю наханна чубийша дарбан ц1енош ца тоьуш, лоьраш шайна тIекхачаре сатуьйсуш нах бехха Iаш. Масала, Москварчу Коммунарка олучу коронавирусах дарба лелочу хIусамехь бац дархой чубахка меттигаш, элира хIусаман коьртачу лоьро Проценко Дениса Лахьан-беттан 5-чу дийнахь.

ДуьнентIехь коронавирус кхеттачу нехан терахь ду 50 миллионе хьалакхоччуш, хаам бо Америкерчу Хопкинсан университето. Цуьнан терахьашца, велла Латта т1ехь 1 242 868 стаг. Товелла керлачу уьнах 32 480 626 стаг.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG