ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ах миллион сом кхаъ оьцуш ши хьаькам лаьцна Ставропол-махкахь


Невинномысск гIалин администрацин куьйгалхочун гIовс Бондаренко Олег а, Ставропол гIалин Думин гIуллакхаш лелочу декъан куьйгалхо Аладин Евгений а лаьцна цара коррупци лелорах йолчу шеконца.

Махкарчу "Ставрополье" телеканало дийцарехь, тIе билгалонаш а хIиттош, низамна тIехьожучу белхахоша кечдина 500 эзар сом дIаоьцуш лаьцна Бондаренко. Стенна белла цунна и кхаъ хоуьйтуш дац цкъачунна. Ца яздо прессехь, хIун дакъа лаьцна кхаъ лучохь-оьцучохь Аладина.

  • Бахначу баттахь Ставропол-махкахь коррупцица доьзна лецира гIишлошъяран, архитектуран министр Кожин Петр. 15 миллион сом кхаъ эцна цо, чIагIдо талламо. Цул хьалха хилла министр Кагарлыцкий а озийра бехктакхаме коррупци лелорна – пхиъ дов айдина талламчаша цунна дуьхьал.

XS
SM
MD
LG