ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а юучух ун даьлла Дагестанехь – дарбан цIийне кхачийна 39 стаг


ХIинжа-ГIалахь дIаьвшан симптом йолуш дарбан хIусаме виллина 39 вахархо, шайлахь 12 бер а долуш, хаам бина мехкан могашаллин министралло.

Лоьрашкара йолчу информацица, юккъерчу хьолехь бу ун кхеттарш: 38-39 температура а, чохьлазар а долуш.

Цамгаран бахьана дуьззина хууш дац медикашна. Могашаллин министралло дийцарехь, шаьша дарбан хIусаме бахкале пациенташа цхьацца хена чохь кхача биина гIаларчу цхьана кафе чохь. Эпидемиологин урхаллера белхахой толлуш бу и кафе.

  • Дагестанахь дукха меттигаш ю юучух я хих нахана ун даьлла. Масала, лурчах Казбековски кIоштарчу Ленинаулехь ремонт йинчу биргIанашкахула лела хи боьха хилла, цунах ун делира 77 вахархочунна. Царалахь дара 13 бер.
  • Кхушеран юьххьехь ГIизларахь 72 стаганна петаршкарчу биргIанаашкарчу хих кхийтира дIовш.
  • Байначу баттахь ХIинжа-ГIалахь кхачанах ун а даьлла, болх сацийра 70 берийн бошмашкахь.
XS
SM
MD
LG