Виъ стаг а вуьйш, герзаш детташ хьийзина зуламхо чулелла ши маьждин дIакъовла сацамбина Венехь. Иштта хаам баржийна Австрин интеграцин гIуллакхашкахула йолчу министра Рааб Сюзаннас.
Австрин Iедална гарехь, шина а маьждигехь ислам харц хьоьхуш хилла. ПIераскана полици хьажна маьждигах. Оцу гIулчо дIа ца йоккху бусалбанашкара дин лело бакъо, аьлла Рааба.
Оццу дийнахь шен пресс-кенференцехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла дIахьедина, Венехь нах байъинчух лаьцна информаци кхаьчна хилла хан хьалха Словакера, амма цунах пайда ца эцна пачхьалкхо, аьлла.
- Вена шахьарна юккъехь наханна тIелеттарг ву 20 шо долу Австрин, Къилбаседа Македонин паспорташ долу Фейзулай Куйтим. Стохка набахтехь баккха 22 бутт тоьхна хилла цунна, иза Шема а вахана, ДАIИШ-ах дIакхета гIеташ хилар бахьанехь. Амма тоьхначу хенах 8 бутт чохь а баьккхина, араваьлла иза набахтера карара шо тIехIуттуш.
- Полицин хаамца, Фейзулай хилла махко "дерадикализаци" ян билгалбаьхначу нехан могIаршкахь. Делахь а, ца гайтина цо шеца Австрина ша зуламе хиларан битамаш, ца хааелла цуьнца кхераме Iалашонаш.
-
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ