ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: КадыровгIара эрна духку ахча, Жириновский леткъа, ткъа Штаташа президент хаьржина


Лахьан-бутт, 2

Немцов вуьйш дакъалаьнарш

Оппозиционер Немцов Борис вуьйш дакъалаьцначу нахах кхин а масех тидамехь хилла талламан, амма цо уьш жоьпе ца озийна, яздира "Медиазона" а, Scanner Project а порталаша. Оцу шина хаамийн гIирсо бинчу талламо гойту официалехь шайна тIе бехк баьхьначу нахаца – Дадаев Заурца, Эскерханов Темирланца, Махмудов Русланца – цара Немцов вуьйчу муьрехь телефонехула къамелаш деш Хатаев Асламбек а хиллийла.

Талламан комитет Геремеев Руслан лаца кечлучу хенахь Хатаевс цунна а, шена а авиабилеташ эцна Немцов вийначу шолгIачу дийнахь Москвара Соьлжа-ГIала дIаваха. Амма талламчаша ца лоцуш витина ший а.

ГIалгIайчохь ненан капитал лачкъорна – жоьпалле

ГIалгIайчоьнан пенсин фондан коьртехь лаьттинчу Вышегуров Мовладна а, цуьнца цхьаьна кхин а 22-нна а дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх кхачийна Магасан кхеле. Бехкебечарна дуьхьалдаьккхина ненан капиталца хьарамло лелор, бюджетера 38 миллион сом лачкъор, яздина "Коммерсанто".

Зударшна мехах ненан капиталан сертификатех ахча дIала некъ а кечбой, цаьргара кехаташ схьа а оьций, бовш хилла хьаькамаш. Цул сов, дуьнентIехь дан а доцчу берашна тIеяздеш а хилла тобано ахчанаш. Ишта курхалла ян, сертификаташ тIеязъян, лохуш хилла цхьаццанхьара зударий.

Лахьан-бутт, 3

Австрехь – терроран тохар

Австрин коьртачу шахьарахь Венехь, гIалин юккъехь лаьттачу синагогина уллехь герзаш дара детташ шинарин сарахь. Еза чов хилира 20 сов вахархочунна, 4 стаг вийра. Террорна араваьллраг ша а вийна полисхоша, иза ву Къилбаседа Македонера схьаваьлла 20 шо долу Венин вахархо Фейзулай Куйтим.

Цуьнца юкъарлонехь хилла кегийрхой лохуш, Австрин полицино лаьцна, зуьйш ву 15 стаг, царех 3 нохчо а волуш. Терроран тохар динарг лелла хилла Венера ши маьждиг д1акъовла сацам арахецна пачхьалкхо.

Абдурахманов Тумсона ж1ов йиттинчо шена Соьлжа-ГIалахь омра динера иза вен аьлла

Швецехь йоьдучу кхелехь Мамаев Руслана, блогерна Абдурахманов Тумсона тIелеттачу Оьрсийчоьнан вахархочо, даредина, ша зулам "Соьлжа-ГIаларчу нехан омрица" дина, аьлла. Швецига шена тховкIело ялар а дехна Мамаевс.

Бехке а еш, кхеле озийначу шолгIачо – иза зуда ю – цIе ца эцна шена зулам. Мамаевна гIодарна бехкейо иза. Тумсон вуьйриг кхаъ кхайкхийна Нохчийчуьрчу Iедало, дIахьедина кхел йоьдуш Абдурахмановн адвоката Шелунд Йенса.

Charlie Hebdo журнална дуьхьал Нохчийчуьрчу газето арахецна карикатураш дIаяьхна шен контентера Инстаграмо

Нохчийчуьрчу «Республикан хаамаш" ("Вести республики") газето шен агIонтIехь карикатураш ехкира Францерчу Charlie Hebdo журналана дуьхьал. Амма уьш дукха хан ялале къайлаехира Инстаграман администрацино – социалан машин политикаца йогIуш яцарна.

Лахьан-бутт, 4

Президентан харжамаш а берзийна, кхаьжнаш дагардеш яра Америка

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь кхаьжнаш дагарден мур бу карарчу хенахь. Харжамаш чекхбевлла Лахьан-беттан 3-чу дийнахь, амма 100 миллион гергга наха – харжамхойх дукхахболучара – хенал хьалха тесна кхаьжнаш.

Президентан дарж къовсуш вара республиканхо Трамп Дональд а (Пенс Майклца цхьаьна), демократ Байден Джо а (Харрис Камалица цхьаьна). Джо Байдена а, Трамп Дональда а ша-ша тоьлуш хиларх лаьцна къамелаш дира дуккха а.

Лахьан-бутт, 5


"Грозный" телеканалан директор а ву Макронна дуьхьал

Францин президентан Макрон Эммануэлан политиканна дуьхьал лаьтташ бацарна Европерчу нохчашна ша бехкбуьллу элира Нохчийчуьрчу пачхьалкхан "Грозный" телеканалан директора Ахмадов Чингиза. Нохчийчуьрчу Iедало нахана гIело ярх, адамаш идорах лаьцна критика еш хуьлучу блогерна Ломаев Мусана критика ен видео а хIоттош Инстаграмерчу агIоне, цо боху, Европерчу нохчийн агIо ца лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалло бен.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс, бакъо яц регионийн куьйгалхойн арахьарчу политика лело гIерта, элира деношкахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Францин президентах "шен пачхьалкхехь терроризм яржош верг" аларца доьзна дара Песковн къамел. Францхой мостагIий лара беза аьлла Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа дина къамел а диллира Песковс тIаьхьо критике.

"Кадыровс даккхий ахчанаш ло шен доьзалхойн аккаунташ яржош"

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн Рамзанан доьзало дакъалоцура социалан машанашкара шайн аккаунташ дIасаяржош, хIора аккаунт шорйийриг 400 эзар сом лора, аьлла журналистана Дудь Юрийна интервью луш Оьрсийчуьрчу кегийрхошлахь алссам вевзачу репера Моргенштерн Алишера.

Реперан акцех лаьцна яздира бутт хьалха 1ADAT телеграм-канало. Моргенштерна реклама елира Кадыровна а, цуьнан зудчунна а, берашна а. Кадыровн доьзало оцу кепарчу конкурсашна иттаннаш миллионаш дайъина, чIагIдо Нохчийчуьрчу Iедалера дуьйлу сакхташ Iорадохучу 1ADAT боламо а.

Лахьан-бутт, 6

Жириновскийс Нохчийчоьнах: Ма хьее и регион, и нах

ВорхI шо ду Нохчийчохь либерал-демократин партин (ЛДПР) декъашхошка шайн кандидатураш меттигерчу харжамашка ца йохкуьйту, аьлла "Эхо Москвы" радиона интервью луш партин лидера Жириновский Владимира.

Францин президентан Макрон Эммануэлан политика бахьанехь Кадыров Рамзанца шен конфликт иккхинчул тIаьхьа цуьнца къамеле ваьллий ша хаьттича, жоп делира Жириновскийс: "Ма хьее и регион, и нах. МаьIна дац".


Кхин 19 нохчо ведда шайн даймахкара

Литварчу дозалардархоша шайн пачхьалкхерчу Шальчининкай гIалин кIоштарчу хьуьнхахь лаьцна махка легалехь а доцуш чувеана 19 нохчо – 5 стаг а, 4 зуда а, бераш а. Белоруссин-Литван доза дохийна мигранташа, Гервине хи чухула чекх а бевлла, ах километр дIабахана Литван территори тIехула. Шаьш лецча, тхов кIело ехна цара Литвага. Церан цIерш билгалъяхна дозанхоша.

Лахьан-бутт, 7

Ши маьждиг дIакъовлуш ду Венехь

Виъ стаг а вуьйш, герзаш детташ хьийзина зуламхо чулелла ши маьждин дIакъовла сацамбина Венехь. Иштта хаам баржийна Австрин интеграцин гIуллакхашкахула йолчу министра Рааб Сюзаннас.

Австрин Iедална гарехь, шина а маьждигехь ислам харц хьоьхуш хилла. ПIераскана полици хьажна маьждигах. Оцу гIулчо дIа ца йоккху бусалбанашкара дин лело бакъо, аьлла Рааба.

Лахьан-бутт, 8

Байден Джо тоьлла Американ президентан харжамашкахь

Хажам къасторхоша Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж караэца оьшучу 270-ннал сов кхаж а тосуш, толаме кхачийна демократ Байден Джо.

Оцу хьокъехь хаамаш баржийна, кхаьжнаш багарбина бовлучу кхаьчча Америкерчу уггаре яккхийчу информацин агенталлаша а, телекомпанеша а, газеташа а, шайлахь Associated Press, CNN, NBC News а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG