ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчохь коронавирусан ун даьржинчу нехан терахь 50 миллионал а совдаьлла


Эпидеми яьржичхьана дуьненчохь коронавирусан инфекци къаьстинна 50 миллион сов стагаца. ХIопкинс Джонан Университето далийна ишта терахьаш, яздо Свобода Радионо. Царех 10 миллион гергга Американ Цхаьнатоьхначу штаташкахь ву, шолгIа меттиг дIалоцу ХIиндойчоьно, цигахь ву ковидца (8, 5 миллион).

4-5-гIа меттигаш кхочу Оьрсийчоьнна а, Францина а. Эпидеми йолаелчхьана ун къаьстира цигахь 1 миллион 750 эзар стагаца.

Коронавирусан уьнах велла дуьненчохь 1 миллион 250 эзар стаг.
Официалан статистикаца, Оьрсийчохь 30 эзар сов дархо велла. Делахь а, оцу статистика юкъахь бу беккъа коронавирусах кхелхинарш. 35 миллион сов пациентна дарба хилира инфекцих.

Дуьххьара коронавирусан инфекци гучуелира стохка ГIуран-баттахь Китайхь. Хьалхарчу шина баттахь, доккхачу декъанна, Китай яра бала хьоьгург, шогачу карантинна дIакъевлира Ухань гIала а, кхин а цхьа могIа кIошташ а.

Чиллан-бутт бовш вирус маса дIасаяьржира Европехь, цул тIаьхьа Америкехь а, кхечу мехкашкахь а.

Дуккхаъчу пачхьалкхашкахь, Оьрсийчохь а цхьана, карантинан барамаш юкъабехира. Аьхкенца мел а лахъелира инфекци, ткъа гуьйраенца Европехь а, Оьрсийчохь а, Америкехь а юха а нахалахь ун даржа доладелира. Цхьа могIа Европерчу мехкаша карантинаш кхайкхийна.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG