Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах велла 12 дархо, ун къаьстина кхин а 950 стагаца.
Эпиедеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах ялх дархо, Дагестанехь а, Адыгейхь а шишша велла, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а цхьацца велла.
Пандеми яьржичхьана йоллу Къилбаседа Кавказехь кхелхина коронавирусах 3 193 стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха бу ун даьалла нах Ставрополан кIоштахь - 211 стаг:
Ставрополан махкахь + 211 (23 115 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь̆ + 144 (18 631)
ГIалмакхойчохь + 89 (9 935)
Дагестанехь + 90 (16 841)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 90 (10 381)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 83 (10 854)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 69 (7 825)
ГIалгIайчохь + 66 (7 915)
Адыгейхь + 71 (6 381)
Нохчийчохь+ 37 (2 849)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь верриг а COVID-19 ун даьлла ву 114 727 пациент. Йоллу Оьрсийчохь 1 796 132 дархо ву.