ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воронежехь салтичо нах байъина


Воронежерчу "Балтимор" олучу тIеман аэродромехь эскаран гIуллакх дечу салтичо нахана тIе герз диттина. Оршотан дийнахь бина цунах лаьцна хаам "Моё! Online" портало.

ТАСС агенталлан хьостан информацица, герзаш диттина Iуьйранна 5 сахьт долучу заманчохь. Вийна кхо стаг, чевнаш йина цхьаъ реанимацехь ву.

Порталан хаамца, Iуьйранна эскархочо тIелетар дина хиллера диг а эцна адамийн тобана, цхьангара схьадаьккхина герз детта волавеллера иза.

"Интерфаксо" яздарехь, талламаш бечу эпсарца дов даьлла хиллера эскархочун, оцу бахьанаца тIелетта хиллера иза.

"Талламбан веанчу майорца Ермолаев Романца дов даьллера салтин Макаров Антонан. Цуьнан хаьнтIерачу хумпIар чуьра тапча яккха ка яьллачу Макаровс герз тоьхна Ермолаевна. Эпсарна гIоьнна тIехьаьдда машенлелорхо а герз тоьхна вийна цо. Иштта кхин а цхьана эскархочунна а тапча тоьхна. Цул тIаьхьа ша зулам динчу меттигера ведда хилла иза", - аьлла, дийцина РБК агенталле Малхбузерчу тIеман гонийн пресс-гIуллакххоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG