ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна тIелетарш дан кечлуш хилла аьлла, набахте хьажийна Дагестанан вахархо


Терроран зуламаш дарна бехкевинчу Дагестанерчу вахархочунна Касумов Анварна набахтехь даккха 16 шо хан кхайкхийна. Къилба гонашкарчу тIеман кхелан зорбанчаша оршотан дийнахь хаамбарца, бехкевечо байIат дина хилла "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан лидерна стохка Дечкен-беттан юьххьехь.

Талламчийн версица, 2019-чу шеран бIаьста полисхошна тIелетарш дан Iалашонца ша вовшахтоха леринчу тобане ийзина цо кхо стаг. Стохка Охан-беттан 21-чохь лецира Касумов. Билгалдоккху, иштта 200 000 эзар сом гIуда а хьарчийна Касумовх.

ГIадужу-баттахь колонехь даккха 14 шо туьйхира Дагестанерчу кхечу вахархочунна Гасанов Мурадна. Кизлярехь терроран тохарш кечдеш хиллера цо аьлла, бехкевинера иза.

Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дIахьедарехь, тIемалой бу аьлла, бехкебечу наха, дукха хьолахь, бехкаш тIелоьцу шайна тIехь Iазапаш лелийча.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG