Дагестанехь вина волчу Госдуман депутата Омаров Гаджимурада хьахийна UFC чемпионна Нурмагомедов Хьабибана Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе тилла езара аьлла. Оцу дехарца цо кхайкхам бина президенте Путин Владимире. Амма депутато аьллачо цецбаьхна нах бу спортсменашна а, полтикашна а, ткъа иштта могIарерчу бахархошна а юкъахь. ХIун ду депутата Омаровс кховдийначу инициативина тIехьа лаьтташ, кхочуш хуьлийла дуй цо кховдийнарг?
Омаровс меттахдаьккхинарг чемпионан сий дарх хьакхавала гIортар а, популизм а бен кхин хIумма а дац. Депутатан Iалашо ю Хьабибан цIарна уллехь шен цIе яккхийтар. И тайпан нах шаьш бевзаш хилийта гIерташ бу, Нурмагомедоdн цIарах пайда а оьцуш.
Цул сов, дукхачу хьолахь Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе туьллуш ю юкъараллин дахарехь дӀахӀоьттинчу политикан хьоле хьаьжжина. Даима а луш ца нисло иза хьокъдолчу нахана.
Пачхьалкхан думан кхечу депутата Хинштейн Александара дIахьедина, шена Хьабиб вевза дуккха а хан ю, ткъа Гаджимурадах лаьцна дуьххьара хезвш дц шена аьлла. И бу Омаровн а, цо хьахийначунна а белла мах.
Хинштейнна а, кхечу депутаташна а шаьш дуй хаийта вайн парламентарийн говза низамашдахаран инициатива хила еза, Госдумехь йийцаре еш йолу. Амма цу тайпаниг церан доцуш ду.
Цундела царна кхин хIума ца дуьсу цхьацца пиар-акцеш дIаяхьар а бен, ЛДПР партин хьалханчица Жириновский Владимирца къийсам латтор а, Нурмагомедов Хьабибана Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе тиллар а саннарш. Кхечу тайпана - низамашкхолларан я юкъараллин – инициативаш церан хуьлийла а дац, иза иштта нисделла хила мега, уьш говза ца хиларна а, дахарехь тӀаьхьабисна хиларна а.
Иза ду Омаровс бечу белхан хатI
Омаровс хьалха наибан Хьаьж-Мурдан докъаца доьзна хазадоцуш хIума дира, и дакъа лачкъа а дина Нухера. (Нухи – азербайджанхойн Шеки гIалан шира цIе. – Бил. ред)
И каш иттаннаш шерашкахь лардинчу Закаталыра , Балакенера а суьйлийн эсан сий дайъар ду иза. И каш бIаьхочун сийн символ яра Кавказана тIехьарчу меттигашкахь бехачу ламанхойн. ХIунда оьшура дакъа лачкъо? Иза а яра пиар-акци.
Иза ду Омаровс бечу белхан хатI. Кхечу агIор ша депутат хилар гайта ца ло цуьнга. И накъост ша вийцийта лууш ву, амма оцу Iалашоне кхача гIерта иза вуно говзалла йоцуш а, ирча а.
Нурмагомедовна Турпалхочун цIе тилла еза аьлла Омаровс вирана дина дика дина UFC чемпионна.
Нурмагомедов Хьабиб вуно шуьйра вевзаш ву дерриг дуьнентIехь, иза везаш ву нахана. Нагахь шена Турпалхочун цIе тиллахь иза, дера, тIеоьцур ма ю цо, нагахь ца лахь цхьана а стаган цхьа а хIума довр дац.
Амма Омаровс шена пиар ян дагахь шен идея йовзийтаро Хьабибана дуьхьал цхьаьнатоьхна вуно дукха нах. Оцу гIуллакхо, цхьана декъана, сий дойъу спортохочун.
"ХIокху дуьнентIехь цхьа а хIума дац, маттал а дукха чудоьллина латто дезаш", - яздира дукха хан йоццуш инстаграмерчу шен цхьана постехь Хьабиба. Суна хетарехь, иза комментарий ю Омаровс хьахийчунна спортхочо елла йолу. Депутатан цIе яккхар цуьнан дукха сий дар хир дара.
Хьабиб - инзаре социалан хилам бу. Суна хетарехь, иза юхавоьрзур ву октагоне, шен толамийн рекорд 30:0 хилийта. Цуьнан сий до адамаша чемпионах а, махкахочух а санна а, дена-нанна дика кIант хиларна а.
Ша вийцийта а, ларийта а, везийта а дерриг а дуьненна бахьана даьккхина Хьабиба, цуьнан политикан хьажамашна дуккха а нах реза бацахь а. Амма иза адаман билгало ю – цхьатерра ойла хуьлийла дац дерриг а адамийн.
"Авторан бакъо" рубрикехь аьлларг цхьаьна ца догIуш хила а тарло редакцина хетачуьнца.