ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Изоляцин раж кхайкхо тарло Нохчийчохь юха а


Коронавирусан инфекци кхетта нах де-дийне алсамбовлуш хилар билгалдьалла Нохчийчохь. Нагахь санна, бахархоша кхин дIа а тесна дитахь Роспотребнадзоран тIедехкина: масканаш ларъярца а, дистанци латторца а низамаш, регионерчу Iедална дуьссург ду юха а изоляцин раж кхайкхор. Инстаграмехь дIахьочу эфирехь дина цу кепара дIахьедар Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада, яздо REGNUM агенталло.

"Ун даьллачу нехан терахь десташ хилахь, дарбан хIусамаш ларор яц цомгашчу нахаца, тIаккха изоляцин раж ца кхайкхийча девр дац юха а", - аьллачу Даудовн дешнаш далийна "Грозный-Информ" агенталло.

Спикера дийцарехь, мехкан Iедалхой лууш бац дозанаш детта юха а, амма, билгалдаьккхина Даудовс, раж кхайкхор "вайх доьзна ду" аьлла.

Цо дIахьедина, Роспотребнадзоран бехкамаш тесна буьтуш, жоьпазалле лелачу нахана гIуданаш а детташ, уьш таIзаршка хIитто лерина шаьш хиларх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG