ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь кIелхьарваьккхина лоллахь хилла кхо стаг


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нуьцкъаша вацош хилла кхо стаг карийна ГIалгIайчохь. Меттигерчу "Бакъдар" гIирсо бина и хаам, полицина тIетевжина.

"2002-чу шарерчу йоIа хаам бинера полице, ГIалгIайчуьрчу 32 шо долчу стага балха хIоттор ю аьлла, Iеха а йина, Невинномысскера ГIалгIайчу йигна ша аьлла", - билгалдоккху хаамийн гIирсо.

Информаци кхаьчначул тIаьхьа таллам бича къаьстира, Несаран йистехь даьхнийн фермехь латтош кхин а ши стаг хилар. Лоллехь вацош хиллера и шиъ а.

Кху аьхка лоллера нах мукъабохучу "Альтернатива" боламан жигархоша даймахка верзийра, деа шарахь Кхарачой-Чергазийчохь вацош латтийна Украинан вахархо Грищенко Геннадий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG