ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра яхархо эшна ГIалгIайчуьрчу кхелехь


Берийн дола дан бакъо елла ГIалгIайчуьрчу Карабулакан кIоштан кхело меттигерчу вахархочунна Льянов Муратна. Цуьнан хилла хIусамнана Нохчийчуьра яхархо Гажаева Асет ю.
Кавказ.Реалиига Гажаевас дийцарехь, кхелехь хила аьтто ца хилла цуьнан, хIунда аьлча, ницкъаллийн структурашкахула тIеIаткъам латтабо цунна, кхерамаш а туьйсуш хиллачу хIусамдас. Масийттазза цуьнгара лечкъийна бераш дIадигинера цо.

"Иск кховдийначун лаам кхочушбар бен кхин дан амал дацара суьдхочун. ХIунда аьлча, берашна тIехь Iуналла латточу социалан хуькматашкара баьхкинчара дIахьединера, цуьнан хIусамера хьелаш теллина шаьш, берашна паргIат Iен меттиг ю аьлла. Тхоьгара оцу кепара кехаташ дацара. Гажаева Соьлж-ГIалахь дIатаръяла гIоьртира, амма меттигера полици яра цунна тIаьхьаяьлла. Йиттинера, бакъо йоцуш дIальацна, камера чохь латтийнера иза масех сохьтехь. Оцу бахьанашца елира иза шега ханна луш йолчу петарх", - аьлла, дийцина Гажаеван векало.

Стохка Льяновс дина арз бахьана долуш Гажаевана дуьхьал административан гIуллакх дилира, ненан декхарш кхачам боллуш кхочушдеш яц иза аьлла. Бехк тIе ца буьтура Гажаевас, хIусамера хьал шен цIийндас ша талха а дина, цунах видео а яьккхина, социалан белхахошка дIакхачийнера, ткъа бераш лачкъийна дIадигира аьлла.

Кхиазхойн гIуллакхашна тIехь Iуналла латточу декъан векало мэрихь йоьдучу кхеташонехь дIахьедира зудчуьнга, "иза юхаярна дуьхьал вац хIусамда" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG