ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацин урхалле хIоттийна Кадыров Хас-Мохьмад


Кадыров Хас-Мохьмад
Кадыров Хас-Мохьмад

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан администрацин урхалле хIоттийна 28 шо долу Кадыров Хас-Мохьмад. Мехкан куьйгалхочун цIийнах стаг ву иза. "Чечня Сегодня" агенталло бина цунах лаьцна хаам.

Кхул хьалха Нохчийчоьнан экономикан кхерамзаллан Кхеташонан секретарь вара Кадыров Хас-Мохьмад.
2012-чу шарахь, цуьнан 20 шо долчу хенахь, Соьлж-ГIалин мэран гIоьнча вахийтира иза. Цул тIаьхьа пхи шо даьлча чоьхьарчу гIуллакхийн министралле дехьаваьккхира иза, ткъа 2019-чу шарахь юьхьанца Устрадин мэр хIоттийра, цул тIаьхьа Нохчийчоьнан экономикан кхерамзаллан Кхеташонан секретаран даржехь чIагIвира, хаамбо "Открытые медиа" гIирсо.

ХIинццалц администрацин куьйгаллехь хилла Закриев ИбрахIим (Кадыров Рамзанан йишин кIант) вице-премьеран дарже а хIоттийна, юьртабахаман министр хIоттийна.
Министран гIентахь хиллачу Дадаев Мусах шен гIоьнча вина Кадыров Рамзана.

Дукха хан йоццуш мехкан куьйгалхочун йоккхахайолу йоI Кадырова Iайшат культуран министраллан хьалхара гIовс хилира.

Байначу баттахь Роспотребнадзоран урхалхочун гIовс вира Кадыров Виситех - Кадыров Рамзана ваша ву аьлла, тIелаьцнарг.

Гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзанан йишин кIант Черхигов Идрис куратор хIоттийра Гуьмсан а, Шелковскан а кIоштийн.

Iай Кадыров Рамзанан вешин кIант Кадыров Хьамзат спортан министр хаьржира.

Зазадокху-баттахь, шен цIийнах мел волчу стагана даржаш дIасадекъна аьлла, ша бехкевича, Кадыров Рамзана дIахьедира: "Суна эхь ца хета, нагахь санна, сайн къомах а, махках а ас жоп луш хилча, со ларош а велахь, царна хIун бен ду министр я кIоштан префект милла велахь а. Оцу дуьйцучо са ца гатдо сан".

2018-чу шарахь "Оьрсийн Би-би-си" телеканало лерича къаьстира, Нохчийчохь лаккхарчу даржашкахь болчу нахалахь 30 процент Кадыровн цIийнах бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG