ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом сацорах лаьцна дIахьедар тIеэцна Путина а, Алиевс а, Пашиняна а


 Ломан Карабах, Стапанакерт
Ломан Карабах, Стапанакерт

Ломан Карабахехь тIемаш совцорах лаьцна дIахьедарна тIе куьйгаш таIийна Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а президенташа а, Эрмалойчоьнан премьер-министро а.

Цунах лаьцна уггар хьалха хаам бинарг вара Эрмалойчоьнан премьер-министр Пашинян Никол. Фейсбукехь цо хаам бира, шайн халкъана "чIогIа лазаме" долчу дIахьедарна ша тIе куьгтаIийна хиларх лаьцна. Ша и сацам бина фронтехь хIоьттина хьал тидаме а эцна. "Иза толам а бац, эшам а бац", - яздо Пашиняна.

Ломан Карабахехь кхушеран Гезгмашин-беттан 27-хь тIом болабалале хилла карта
Ломан Карабахехь кхушеран Гезгмашин-беттан 27-хь тIом болабалале хилла карта

ТIаьхьо дIахьедрна тIе куьг таIор тIечIагIдира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а. Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан Федерацино а, Азербайджана а, Эрмалойчоьно а барт бина Карабахехь Оьрсийчоьнан машарбаран ницкъаш дIатарбан, ткъа хиллачу барто аьтто бийр бу "Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а халкъашна пайдена долчу агIор, нийсонан бух тIехь проблема дIанисъян".

ДIахьедар тIеэцна хилар тIечIагIдира Азербайджанан президенто Алиев Ильхама а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG