ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъашкахь хуьлучу бохамашкахь дукха нах ле Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Карарчу шарахь некъан бохамашкахь нах дукха беллачу регионех хIоттийначу рейтингехь хьалхара ю Нохчийчоь, яздо REGNUM агенталло.

Махкарчу некъаш тIехь зен хиллачу цхьа эзар нахалахь 284 стаг велла. Иштта ду Новости агенталло 2020-чу шеран исс баттахь динчу зерийн жамIаш.

Кхинйолу Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара субъекташ а ю оцу тептарехь. Масала, ГIалгIайчохь хиллачу аварешкахь велла 163 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь 146, Дагестанехь 136, Кхарачой-Чергазийчохь 110.

Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополан кIоштахь а 87 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG