ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воронежерчу эскархойн декъехь вийна ГIалгIайчуьра вахархо


ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела
ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела

Кху беттан 9-чохь Воронежерчу эскархойн декъехь хиллачу кхийсаршкахь байъинчу салтишлахь ву ГIалгIайчуьра вахархо.
"Воронежан кIоштарчу тIеман аэродромехь салтичо тIелатар дина вийна кхо эскархо. Царлахь ву тхан махкахо Акталиев Микаил",- хаамбина республикан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас "Интерфакс" агенталле.

Агенталло чIагIдарца, вуьйцург ву Наьсаран кIоштарчу Экажево эвлара 1997-чу шарера Акталиев Микаил. Хиллачунна тIекхиа Iалашонца цуьнан гергара нах Воронеже бахана, иштта, велларг дIаволла цIа а валош.

Полицино лецира дахначу оршотан дийнахь салти Макаров Антон. Дийцарехь, иза ву "Балтимор" олучу тIеман аэродромехь шеца цхьана эскаран гIуллакх деш хиллачу кхаанна герз диттинарг.

Baza телеграм-каналан информацица, ша лоцучу заманчохь дуьхьало ца йина Макаровс.

ТАСС агенталлан хьостан информацица, герзаш диттина оршотан Iуьйранна 5 сахьт долучу заманчохь. Вийна кхо стаг, чевнаш йина цхьаъ реанимацехь ву.

Порталан хаамца, эскархочо тIелетар дина хиллера диг а эцна адамийн тобана, цхьангара схьадаьккхина герз детта волавеллера иза.

"Интерфаксо" яздарехь, талламаш бечу эпсарца дов даьлла хиллера эскархочун, оцу бахьанаца тIелетта хиллера иза.

"Талламбан веанчу майорца Ермолаев Романца дов даьллера салтин Макаров Антонан. Цуьнан хаьнтIерачу хумпIар чуьра тапча яккха ка яьллачу Макаровс герз тоьхна Ермолаевна. Эпсарна гIоьнна тIехьаьдда машенлелорхо а герз тоьхна вийна цо. Иштта кхин а цхьана эскархочунна а тапча тоьхна. Цул тIаьхьа ша зулам динчу меттигера ведда хилла иза", - аьлла, дийцина РБК агенталле Малхбузерчу тIеман гонийн пресс-гIуллакххоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG