ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

21 стаг велла дийнахь-буса. Къилбаседа Кавказера коронавирусан статистика


ТIаххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан эпидемих велла 21 дархо, ун къаьстина кхин а 952 стагаца.

Вирус ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, ворхI стаг кхелхина Дагестанехь, Краснодаран кIоштахь ялх, Ставрополан махкахь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, Нохчийчохь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь велла COVID-19 вирусах 3 214 стаг.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан махкахь - 201 стаг:

Ставрополан махкахь+ 204 (23 319 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран махккахь+ 146 (18 777)
ГIалмакхойчохь + 92 (10 027)
Дагестанехь + 91 (16 932)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 89 (10 470)
ГIебарта- Балкхаройчохь+ 83 (10 937)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 69 (7 894)
ГIалгIайчохь+ 64 (7 979)
Адыгейхь + 72 (6 453)
Нохчийчохь + 42 (2 891)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ун даьлла ву аьлла билгалваьккхина 115 579 стаг. Йоллу Оьрсийчохь ву COVID-19 вирус токхуш 1 817 109 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG