ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: 15 терроран тохар юкъахдаьккхина Къилбаседа Кавказехь кху шарахь


Оьрсийчуьрчу къайлахчу сервисаша (ФСБ) хаамбина, доьдучу 2020-чу шарахь Къилбаседа Кавказехь терроран кепехь 15 зулам юкъахдаьккхина шаьш аьлла. "Шо доладелчхьана Къилбаседа Кавказехь дан лерина 15 терроран зулам юкъахдаккха аьтто баьлла", - аьллачу ФСБ-н урхалхочун Бортников Александран дешнаш далийна РБК агенталло.

Къайлахчу сервисийн белхахоша тIемалой бара аьлла, 35 стаг вийна, кхин а 53 лаьцна ву. Дуьненаюкъарчу террорхойн организацийн 23 гара хIаллакдина шо доладелчхьана аьлла, тIетоьхна цо.

ГIадужу-беттан юьххьехь ФСБ-но дIахьедира Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а дуьненаюкъарчу экстремистийн динан "Ат-Такфир Валь-Хиджра" юкъараллан ши тоба хааяларх.

2018-чу шарахь оперативан барамаш дIахьочу заманчохь Кхарачой-Чергазийчоьнан ФСБ-н а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша а меттигера бархI вахархо лецира. Уьш бехкебира "Ат-Такфир Валь-Хиджра" тобанехь хилла аьлла.

Оьрсийчуьрчу бакъоларъяръоша а, адвокаташа а дIахьедо, тIемалой бу аьлла, дIакхайкхийначу наха кхелашкахь мукIарло дарх, тIехь ницкъ а беш, бехкаш тIелецийтина шайга бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG