ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь Iазап лелийна вийначу нохчочун гергарчарна компенсаци кхачийна


Колонехь лелийначу Iазапех веллачу Исраилов Султанан гергарчарна компенсаци кхачош сацамбина Нохчийчуьрчу Ленинскан кIоштан кхело. Ши миллион сом кхачор ду цуьнан доьзална аьлла, хаамбина Кавказ.Реалиига "Зона права" юкъаралллан координаторо Мухамеджанов Булата.

ГIело а йина, шайн вийначу стагах компенсаци яккха ИсраиловгIар хьийза пхи шо а дара: 2015-чу шарахь хилла инцидент ю иза. Исраилов Султанан кхалхар Челябинскерчу лоьмар 2 йолчу колонехь хиллашехь, цо суицид йина аьлла, набахтен белхахой дIадерзон гIиртинашшехь, оцу зуламна бехке мел волчунна таIзар дира. Кхаа шарера бархI шаре кхаччалц хенаш йиттина царна, ткъа колонин куьйгалхо даржах вохийра.

"Кхелан сацамна реза ду Исраилов Султанан да а, нана а, - аьлла Кавказ.Реалиин корреспонденте доьзалан адвокато Денисенко Сергейс. - Юьхьанца 15 миллион дара дехнарг, делахь а, дала барт хилла ши миллион а, лакхара барам бу Оьрсийчохь луш долчуьнца дуьстича".

Набахтехь даккха 9,5 шо хан тоьхна хилла, вийна Исраилов Султан Челябинскерчу лоьмар 2 йолчу колонехь хан токхуш вара. 2015-чу шеран ГIуран-баттахь ша маьршаваккха бутт хан йисинчу хенахь ШИЗО-хь ирхъоьллина карийнера иза. Набахтен белхахоша ша шена тIе куьйг даьхьна цо аьлла, дIакхайкхийра, амма бакъонашларъяхоша теллича къаьстира, колонин белхахоша иза вийна хиллийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG