ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масканаш цалелорна Роспотребнадзоран куьйгалхочо бехк баьккхина Къилбаседа Кавказан мехкашкара


Роспотребнадзоран куьйгалхо Попова Анна

Роспотребнадзоран урхалхочо Попова Аннас цхьа могIа Оьрсийчоьнан субъекташ емалйина, коронавирусна дуьхьал баьхна барамаш ларбеш цахиларца доьзна.

"Халахеташ делахь а, ши кIира хьалха пачхьалкхан коьртачу санитаран лоьро арахецна омра цхьайолчу Оьрсийчоьнан субъекташкахь лардеш дац. 50 процент бахархой юкъарчу транспорта тIехь а, яккхийчу туьканашкахь а масканаш лелош бац. Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Пензан кIоштахь а низамаш лардеш цахиларх информаци ю тхоьгахь",- аьллачу Попован дешнаш далийна Новости агенталло.

Иштта, шена хетарехь, дозанаш чIагIдан деза аьлла хета регионаш а ягарйина Роспотребнадзоран хьаькамо. Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь Кхарачой Чергазийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а цIераш яьхна Поповас. Цо билгалдоккху, оцу субъекташкахь раж Iалаш ца ечу нахана дуьхьал административан санкцеш йохуш цахилар.

Оперативан штабан таханалерачу зерашца, пандеми яьржичхьана Кхарачой-Чергазийчохь 10 470 стаг ву коронавирусан уьнца, ткъа ГIебарта-Балкхаройчоъхь 10 937 ву, ГIалгIайчоъхь 7 979 дархо ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG