ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъаша ахчанаш дохуш хилла Нохчийчуьра вахархо лаьцна Петербургехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Санкт-Петербургерчу полисхоша ши стаг лаьцна, нуьцкъаша ахчанаш дохуш хилла аьлла, кхоллаеллачу шеконашца. Маршруткаш тIехь болх бечу нахера "ясакх" йоккхуш хилла цара, кхерамаш а туьйсуш. Яздо цунах лаьцна "Фонтанка" гIирсо.

Церан хаамца, лаьцна 39 шо долу цхьаъ Нохчийчуьра ву, шолгIаниг 37 шо дерг - Алтайскера орамаш долуш ву.

Талламчийн версица, кху аьхка дуьйна Купчинехь болийна хилла цу шиммо шаьшиннан болх. ХIора денна 300-400 сом охьадилла декхаребина хилла машенийн долахой. Лаьцначийн цIийнах хьоьвсича карийна дуккха а сим-карташ а, банкан картанаш а, шиъ травматикан тапча а, цхьа топ а.

Ший а хьалха а кхелаца гIуллакх деана ву - ахчанаш дохуш хиларца гоьваьлла хилла нохчо, ткъа цуьнан накъостан карах ларамза стаг велла а хилла, ишта шолгIаниг лазийна виссина хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG