ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курхалла лелийна хьаькам кхеле хIоттийна Нохчийчохь


Нохчийчуьрчу Ведана кIоштан администрацин префектан хьалхарчу гIовсо шен куьйгакIеларчу белхахошна тIедиллина хилла, токхамаш хиллачу меттигара дIакхалхочу мехкан программехь дакъалаца реза хилла
49 доьзал тептаре язбан. Меттигерчу хаамийн гIирсаша бина цунах хаам. Бахархошна ахча луш хиллера керла хIусам нисъян, ткъа цунах 50 процент бакъо йоцуш шена доккхуш хилла цо. 77 миллион сом эца дагахь хилла вуьйцу хьаькам.

"2016-чу шеран Зазадокху-баттера Гезгамашин-батте кхаччалц 36 ммиллион 509 эзар сом каракхаьчна цуьнан, Программехь дакъалоцучу 21 доьзалера. Ахча шен хьашташна дайъина бехкевечо", - аьлла, хаамбина Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Бехкзуламан гIуллакх а долийна, кхеле листа дIахьажийна карарчу заманчохь. Ткъа гIуллакх толлучу юкъанна ша мел эцна ахча бахархошна юхаделла хьаькамо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG