ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

24 стаг велла дийнахь-буса. Къилбаседа Кавказера коронавирусан статистика


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах кхелхина 24 дархо, ун къаьстина кхин а 967 стагаца.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла итт, Ставрополан кIоштахь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, Краснодаран кIоштахь а, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а шишша, ГIалгIайчохь цхьаъ велла.

Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 3 238 пациент.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь довзийтинчу терахьашца Ставрополан кIоштахь – 208 стаг:

Ставрополан кIоштахь + 208 (23 527 ву пандеми йолаелчхьана)

Краснодаран махкахь + 150 (18 927)

ГIалмакхойчохь + 88 (10 115)

Дагестанехь + 94 (17 026)

Кхарачой-Чергазийчохь + 87 (10 557)

ГIебарта-Балкхаройчохь + 84 (II02I)

Къилбаседа ХIирийчохь + 70 (7 964)

ГIалгIайчохь + 68 (8 047)

Адыгейхь + 74 (6 527)

Нохчийчохь + 44 (2 935)

Эпидеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус кхийтира 116 646 вахархочунна. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь цомгаш ву 1 836 960 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG