ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIа еана зуда лаьцна Дагестанехь


Дагестанерчу Хаси-Юьртарчу СИЗО-хь латтош ю Нохчийчуьра 63 шо долу Рамазанова ПатIимат. Талламчаша бехкбиллина цунна, гIаттамхойн тобанехь хиларна а, теракт дарна а. Кавказ.Реалиин корреспонденте Рамазанован гергарчара дийцарехь, Шеман Малхбузерчу Туркойчоьнан ницкъийн карарчу Джараблус гIалахь хилла ю иза.

"ЧIогIа цIа ян лууш яра иза, даймахкахь яла лаьа шена бохуш. Эххар а Туркойчоьно депортаци йира цунна Оьрсийчу. Москвара лаьцна Дагестанерчу СИЗО йигира иза. КIира а ду хIинца иза цигахь латтош йолу", - аьлла, дийцина Рамазанован гергарчо, шен цIе ца яккхар а доьхуш.

Бакъоларъярхочо Саратова Хедас тIечIагIдина Кавказ.Реалиин кореспондентца хиллачу къамелехь, цуьунан гергара шайга ора дехарх

"Иза Шема тIом бан яхана яцара, шен берашна тIахьа яханера. Шемара Нохчийчу цIа балийна зударий маьрша буьту, царна цхьа а кхерам бац. Юкъараллан дахарехь дакъа лоцу цара, шаьш лайнарг а, шаьш Iехорах а лаьцна дуьйцуш. Доккха гIо хуьлу цунах кегийрхошна Iеха ца бала", - дийцина Саратовас.

Рамазанован адвокато Курбаналиев Мусас хаамбцарца, Дагестанан чоьхьарачу гIуллакхийн министраллан карахь ду цуьнан гIуллакх. Урхалло информаци бакъ ца йина, оцу гIуллакхах кхечу инстанцехь хатта аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG