ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабулакан хиллачу имаман цIийнах хьоьвсина ГIалгIайчуьра полисхой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьрчу Карабулакан хилла имам Даурбеков Мохьмад-Сали лаьцна къайлахчу сервисийн белхахоша. Кавказ.Реалиига бина цунах лаьцна хаам ГIалгIайчуьрчу полицн декъерчу хьостано. Сатесча баьхкинера полисхой Плиеверчу Даурбековн цIийнах хьовса, цул тIаьхьа дIавигина иза шайца аьлла, тIечагIдина хьостано.

Нохчийчоьнца дозанаш хийцарна дуьхьал стохка Магасехь хилла митингаш бахьана долуш Iеламчана бIаьрг тIехIоьттинера ницкъахойн, хьостан версица. ХIусамах хьоьвсинчул тIаьхьа Даурбеков дIавигар бакъдо "Интерфакс" агенталло а.

"Ницкъахой" аьллачу телеграм-канало бакъ дац боху Даурбеков лацар. Оцу гIирсан информацица, ницкъаллийн структурашкахь къамел дина цуьнца. Ресурсо билгалдаккхарца, талламаш бина гIалгIайн кегийрхой Iеха а беш, тIейогIучу хенахь Шема дIабахийта кечбеш хилла аьлла, яьржинчу информацин гурашкахь.

Карарчу беттан юьххьехь ГIалгIайчуьрчу Сурхахи эвлара батIалхьажойн маьждиг дегира. Динан юкъараллан лидерийн шеконаш хилира, маьждиг цхьаммо дагийна хир ду аьлла. Цунах лаьцна шайна айкхваьллачунна цхьа миллион сом кхайкхийра цара.

2018-чу шеран Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхоша тIечIагIбира шина махко дозанийн хьокъехь кечбина барт. Цуьнца а догIуш, мехкаша вовшашца хийцира цхьатерра долу лаьттан ши дакъа: Теркйистан дакъа дIаделира Нохчийчоьне, МаьлгIабекан дозанашца догIу латта кхачийра ГIалгIайчоьнна.

Гезгмашин бутт боьрзуш Магасехь а, цунна гонах а юьйлаелира хийцамашна резабоцучийн митингаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG