ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьно магийна Оьрсийчуьрчу машарбархойн кеманашна шен стигалхула дIасалела


Кобаладзе Георгий

Шен хьостанашна а, Flight Radar ресурсна а тIе а тевжаш,гуьржийн "Пирвели" телекомпанино хаам баржийна Тбилисин пурбанца Гуьржийчоьнан стигалхула Эрмалойчу Кремло деа транспортан кеманашца шен эскархой а, тIеман гIирс а дIакхачийна хиларх лаьцна. Машарбархой гIур бу конфликт иккхинчу Ломан Карабахан лаьтта тIе.

Телекомпанино даржийна гуьржийнний, БуьритIерачуй, Ульяновскерчуй хIаваан диспетчерашна а, кеманхошна а юкъахь хиллачу къамелан аудио.

Гуьржийчоьнан тIеман министр Iийначу Хидашели Тинатина дIахьедина, "гуьржийн Iедало халкъанна хьалха жоп дала дезар ду ша стенна магийна Оьрсийчоьнан тIеман ницкъашна Гуьржийчоьнан стигалхула лела", аьлла.

"Европера Гуьржийчоь" партин лидера Капанадзе Сергис, могуьйту гIулч яц "Оьрсийчоь юха а Кавказехь чIагIйолуьйтуш, цуьнга куьг кховдор", аьлла.

Ши бутт хьалха, Карабахе тIом болалуш, Тбилисино дIакъевлира шен стигал Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а тIеман кеманашна, дихкира транзитехь герз, эскарш кеманашца дIасалелор а. Амма лелаш ду даима а Гуьржийчоьнна тIехула Оьрсийчуьра Азербайджане а, Эрмалойчу а гуманитаран гIо кхачош долу кеманаш. Оцу хьокъехь шега лучу хеттаршна дуьхьал Гуьржйичоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло олура, шен аьтто бац гуманитаран рейсашца хIун дIасакхоьхьу хаа.

Кху оршота Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а президенташа юкъахь дIахьедар дира Карабахера тIом сацош хиларх лаьцна. Оцу денна шаьшкахь йоллучу меттигашкахь совцуш ду конфликтехь болчу шина мехкан тIемиан ницкъаш, регионе кхачош ду Оьрсийчуьра машарбаран эскарш. Пхеа шарна хьажадо Кремло шен эскар, эшна меттиг хилахь и хан кхин а дIаяхйийр йолуш.

  • Ломан Карабах а, цунна гонахара Азербайджанан меттигаш а 1990-чу шерашкахь шен караерзийра эрмалойн агIоно. Ги бутт хьалха и территореш юхаерзоран компани йолийра Азербайджано. Бакун караяхана кху муьрехь Карабахна гонахара масех кIошт, Карабахера Шуша гIалица цхьаьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG