ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нальчикерчу СИЗО-хь карийна гIалгIайн кхин а цхьа жигархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра Галаев ТIахIир волу меттиг цуьнан гергарчарна а, бакъоларъярхошна а ца хуу 1,5 бутт хан а яра, яздо "Кавказский узел" агенталло. ХIунда аьлча, изоляторан ширачу корпусехь вара иза, хаамбина жигархочо Кодзоев Бориса.

Галаев лаьцнера Магасера митинг бахьана долуш бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина Гезгамашин-бутт бовш. Iедало лоьцучу гIалгIайн жигархойн кхолламаш шайн тергонехь латточу бакъоларъярхошна хууш дацара иза лацаран бахьанаш аьлла, дийцина "Неотложка" цIе йолчу юкъараллан тобан хьалханчас.

Бутт сов хан яьккхина Кодзоевс СИЗО-хь гIо а доцуш, тIаьхьавогIуш стаг а воцуш. Иза волу меттиг хиина хиллера, Магасан митинг бахьана долуш лаьцна кхин а цхьа жигархо иза латточу корпусе вигинчул тIаьхьа. Адвокаташка Галаевх лаьцна информаци цо дIакхачийна хиллера.

Магасан митинг бахьана долуш республикехь верриг а лаьцнарг ву 42 стаг. Стохка Заздоккху-баттахь Магасехь, Нохчийоьно а, ГIалгIайчоьно а дозанаш хийцича резабоцчу меттигерчу бахархоша протест кхайкхийра. ХIетахь республикан урхалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекна дарж охьадиллар тIедожийра цара. ШолгIачу дийне яьллачу митингехь тасадаларш хилира протестхошна а, полисхошна а юкъахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG