ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ереванехь протесте бевллачу наха дарж охьадиллар тIедожийна премьер-министрана Пашинянна


Iедалхоша гулдала дихкина доллушехь Ереванехь митинге бевлла нах премьер-министрана Пашинян Николона дарж охьадиллар тIедожош. Маршо Радион Эрмалойн сервисо довзуьйтуш ду цигара хьал.

Протестехь дакъалаца аьлла, кхайкхамбина 17 политикан партега. Кхаарин Iуьйранна дуьйна шахьаран коьрта Маршонан майда юкъаерзийнера полицино. Цигахь леца болийра цара митинге дакъалоцуш болу меттигера бахархой, пачхьалкхехь хIоттийна тIеман хьолан раж йохийна аьлла.

Оппозицин "Кхиаме Эрмалойчоь" партин лидер Царукян Гагик а, Республикан партин парламентан фракцин хилла лидер Багдасарян Ваграм а лаьцна къоман кхерамзаллан урхаллан (СНБ) белхахоша. Ткъа оцу акцехь дакъалоцучу, СНБ-н хиллачу директоран, "Даймохк" оппозицин партин лидеран Ванецян Артуран аьтто белира полицин кордон юккъехула а ваьлла, трибуне кхача. Цул тIаьхьа йолийра дуьхьалонан акци. Митингхоша тIедожийна маса парламентан кхеташо дIаяхьар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG