ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь лаьцна Карабулакан хилла имам дхьахецна


Гайтаман сурт

Полицин декъехь къамел динчул тIаьхьа маьршаваьккхина ГIалгIайчуьрчу Карабулакан хилла имам Даурбеков Мохьмад-Сали. Де хьалха Плиевехь иза вехачу хIусамах хьоьвсинчул тIаьхьа ницкъахоша дIавигинера иза.

Шйн хьасташна тIетевжина"Интерфакс" агенталло хаам бо, Магасехь стохка хIиттийначу митингашца доьзна дацара Даурбеков лацар аьлла.

"Карабулакерчу маьждиге лелаш хилла масех жимастаг Шемарчу тIамехь даIишхойн могIаршкахь дакъалаца дIаваханера. Оцу маьждигехь имам лаьттинарг лацар хила тарло цуьнца доьзна", - дийцина агенталле.

REGNUM агенталло а яздо, лаьцначу дийннехь Даурбеков дIахецна бо.

Кавказ.Реалиин хьостано билгалдаккхарехь, имам лаьттинарг лаьцна дIавигнера ФСБ-н белхахоша.

Оцу юкъанна, Iеламчан вашас Даурбеков Мохьмада дийцина "Кавказский узел" агенталле, шен ваша дIавуьгучу наха ца хаийтира шайга, шаьш муьлхачу структурера ду аьлла.

Журналисташца къамела дечу суьйранна а Даурбеков Мохьмадана хууш яцара, шен ваша волу меттиг. Цо бахарехь, хьалха а цуьнан коча баьхкина хилла полисхой.

"Евкуров Юнус-Бек куьйгаллехь волчу хенахь дIавелира иза Карабулакан имам волчуьра. 2016-чу шарахь декхаревира иза дарж дита. 2017-чу шарахь хеттарш дан тIекхайкхира иза, къайлаха сервисаш яра моьттуш ву со. Ши шо хьалха а баьхкинера цIийнах хьовса. 2018-чу шарахь а теллира, хIетахь хIумма а ца теснера цара цуьнен цIийнах", - дийцина Даурбеков Мохьмада.

Вашас дийцарехь, Даурбековн хIусамехь ши патарма карийна шайна аьлла, дIахьедина полисхоша. Иза тешна ву, шен ваша лаца бахьана хилийта, цара шайца беъна тесна хир бу и ши патарма бохучух.

РЕН ТВ канало хаам барехь, 55 патарма карийна Даурбековн цIийнах хьаьвсича.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG