ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

23 стаг велла дийнахь-буса. Къилбаседа Кавказера коронавирусан статистика


Коронавирусан уьнах велла Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса динчу зерашца, 23 дархо. Вирус къаьстина 979 стагаца.

Эпидемица къийсам латтон кхоьллинчу оперативан штабан информацица, Дагестанехь велла COVID-19 вирусах ялх пациент, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь кхелхина пхиппа дархо, ГIебарта-Балкхаройчохь кхоъ, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а шишша велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла ковидах 3 261 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь бинчу талламашца, Ставрополан кIоштахь бу дукха ун даьлларш - 210 стаг:а

Ставрополан махкахь + 210 (23 737 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 153 (19 080)
Дагестанехь + 99 (17 125)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 88 (10 645)
ГIалмакхойчохь + 85 (10 200)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 85 (11 106 )
Къилбаседа ХIирийчохь+ 71 (8 035)
Адыгейхь + 75 (6 602)
ГIалгIайчохь + 66 (8 113)
Нохчийчохь + 47 (2 983)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш хиларца билгалваьлла 117 625 вахархо. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь хаавелла коронавирусан уьнца 1 858 568 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG