ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йиш яц цатешам бита". Венерчу терроран тохаро нохчашна а дина зен


Лахьан-беттан 2-чу дийнахь Вена шахьарна юккъехь герз детташ виъ стаг вийра зуламхочо. Ша а вийначул тIаьхьа билгалъелира цуьнан цIе – Австрин а, Къилбаседа Македонин а паспорташ долу жима стаг Фейзулай Куйтим. Терроран бух толлуш лецира 15 стаг, шайлахь 3 нохчо а волуш. Нах байъинарг Нохчийчоьнца цхьана а тайпа зIе йолуш хилла вацахь а, хилларг довзале эладита даьржира, нохчий хила тарло бехкенаш, аьлла. Венерчу Kronen Zeitung газето фейк а яьккхира зорбане, элира, герз детташ хьийзарг Нохчийчуьра схьаваьлла стаг ву.

Kronen Zeitung газето харц хаам баржор дижий ма дита, флешмобе довла нохчий, аьлла бара Австрехь ехачу яздархочо, журналиста Курбанова Майната бина кхайкхам. Цо хьоьхура редакце хаттар хьажор: зуламхо наханна тIе герз детташ хьийзачу юкъанна стенна туьйхира газета тIе нохчочун сурт, иза ву террорхо аьлла?

Цхьа хан яьлча газето шен сайта тIера дIадаьккхира суьрта тIерачун къам довзуьйту йоза.

ХIетте а нохчийн цхьаьнакхетараллаш, жигархой аьрзнаш дахьийта дагахь бу Венерчу прокуратуре газета фейк яржорна, нохчашна тIе IиндагI дожорна жоьпе озор доьхуш.

Дуьххьара дац нохчийн диаспора прессо доцчунна тIехь бехкала хьакхор, цунах кхечу адамех къехка, ша-шена еха, интеграци ца еза тоба яр. И тайпа харцо шайца лелаяйта лаъане а ца лаьа Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчийн мухIажирашна.

Интеграци я ассимиляци?

Австрехь наханна белхаш кхачочу урхаллехь дехха къахьегна ю Батаева Малика. Керлачу дахарх сиха булуш а, оцу шайн башхаллица юкъаралла цецйоккхуш а бу Нохчийчуьра схьабевлла нах, дуьйцу цо. Боху:"Нохчаша сиха Iамабо мотт, лоху бан болх, дукхаболчу австрихоша дика цIе а йоккху церан".

Нохчийн къам дохор дагалоцу барам, Вена, 22.02.2020
Нохчийн къам дохор дагалоцу барам, Вена, 22.02.2020

Батаевана хетарехь, цхьаболчу нохчийн шаьш-шайн гIайгIанашна чуболар, уьш нахана цабовзийра дац австрихойх хьулбала гIертар – иза деххачу, къизачу Оьрсийчуьрчу дахаро дина "совгIат" ду. "Церан бIаьргаш чохь я Iедал а, я полици а – иза-м муххале а – хуьлийла дац церан дегнаш хьаста, церан бакъонаш тIечIагIъеш хьийзаш. Нохчийн диаспора декхаре ю иштачу наханна Европера дахар кхечу хьесапехь дуйла, цатешамаш селханенца бита безийла хьеха", - боху Маликас.

Австрера нохчий декъахь боцуш наггахь а яц дахаран агIо, бу уьш бизнесехь, IT-майданахь, йохк-эцарехь, кхучу цхьацца гIуллакхашкахь. Институташкарчу дешархошлахь бу шайн хиндерг политикаца доза лерина кегийрхой. Батаева Маликас цIерш йоху шена интеграцин дика масалш гойту аьлла хетачу нохчийн: лор Джамалдинов Руслан, политолог Чапханов Руслан, спортан клубан куьйгалхо Бисаев Адам, кхиберш.

"Суна сахьташкхахь дийццал девза и тайпа масалш", – элира Маликас.

Интеграци - иза бухарчу дахарх адам долар, уьйре дерзар ду, цуьнца диканиг бен а дац, аьлла хета Венерчу вахархочунна Дикаев Хьасанна. Массех шарахь банкехь секьюрити болх бина цо.

"Со нохчо вуйла хиича, австрихой хабаре бовлу соьца, алссам хетта буьйлало, муха хета суна нохчийн хьал Австрехь, олий. Хала дац кхузарчу адамашца юкъара мотт каро, зIе таса", – боху Дикаевс.

Амма цхьа хало а ю нохчийн дай-наношна тIехь: Iедало цаьрга шайн бераш Нохчийчохь санна ца Iамадойту. "Масала, кIант велахь, иза шогга ларван веза джихIадах йолу кегийрхошлахь яьржинчу харц ойланех, социалан машанашкахула даржочу зуламех, ткъа иза мегаш дац, беранна Iаткъам ма бе, боху Iедало, ткъа ша а ца бо кхетош-кхиорехь и болх", - дуьйцу Дикаевс.

Нохчийн гуламехь, Вена
Нохчийн гуламехь, Вена

Австрерчу вахархочо Чинтаев Муслима къобалйо пачхьалкхан интеграци политика, цунна лаьа шен бераш немцошца уьйрехь хилийта, оцо аьтто лур бу царна тоьлла болх-некъ а, паргIат Iер-дахар а Австрехь каро, бохучу тIехь ву иза.

Амма ца лаьа Чинтаевна шен берашкара нохчалла дIадаккхийта. Цундела хIора кIирандийнахь нохчийн школе дохуьйту цо шен бераш, цигахь мотт Iаморал совнах истори, къоман гIиллакхаш а довзуьйту кегийрхошна. "Суна царех Австрин паспорташ карахь долу нохчий бан лаьа, дика нохчий, оьзда автсрийхой", - дагара дуьйцу Муслима.

Австрехь кегийрхошна атта ду бухарчу дахарх бола, цигарчу юкъараллехь лела Iама а, шайх буьззина Австрин бахархой бан а. Делахь а атта бац и некъ гIеметта хIоьттинчу шен шерашца кхуза веъначунна – тIемаш байна синош мукъадовла ца туьгу ткъа шо хьалха лайначу Iазапах. Маршо Радиоца къамел хиллачу массо а эмигрантийн хьогам цхьаъ бу – даймохк царна цIехьаберза могучу хьоле балар, маьрша хилар, иштачу Нохчийчу ма-хуьллу сиха дIакхачар.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG