ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн цIарах совгIаташ эца 30 миллион сом ахча дайъина Нохчийчоьнан Iедалхоша шарахь


Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах мидалш а, орденаш а эца Iедалхоша 9,6 миллион сом мах болу тендер кхайкхийна. Оцу кепара зорбане даьккхина документ хааделла "МБХ-медиана" Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь.

Документаш тIехь билгалдаккхарца, орденаш а, мидалш а уггар а цIеначу дешех йина хила езаш ю, 54 изумрудца а, 18 алмазца а, 36 рубинца а кечйина. 15 мидал эца лерина бу Нохчийчуьра Iедалхой. "Патриотизм дешнашца ца гойту, гIуллакхашца гойту" аьлла, тIеяздина, Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долуш хир йолуш ю мидалш.

Иштта Кадыровн цIарах 15 орден а кхайкхийна. "Къоман воI", "Эшонза дIавахна иза" аьлла, тIехь йоза а долуш, дезачу тIулгашца кхелина хилийта лаам бу Iедалхойн орденаш.

ТIаьххьарчу шарахь кхайкхийнарг 4-гIа тендер ю боху "МБХ-медиано". Дерриг а Кадыровн цIарах совгIаташна хьажийна 34,6 миллион сом.

Кадыров Ахьмадан цIарах орден юкъаяьккхина Нохчийчохь 2004-чу шарахь дуьйна. Республикана деза гIуллакхаш динчарна совгIатна луш ю иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG