ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тойнашкахь бIеннал сов нах гулбар ханна дихкина Нохчийчохь


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Эпидемиологин хьал бахьана долуш цхьана ханна доьхкуш ду Нохчийчохь хIитточу тойнашкахь бIенал сов нах вовшахбетта.

Нохчийн парламентан спикеро, эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу Оперативан штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада бина цунах лаьцна хаам, яздо махкарчу хаамийн гIирсаша.
"Масканаш лело еза, стоьлаш гена-гена хIиттон а оьшу, вовшашна юкъахь меттиг буьтуш. Банкетан хIусамашка а, ресторанашка а дIахаийтина низамех, нагахь санна, цара уьш лардеш цахилахь, дIа ца къевлича девр дац", -аьлла социалан машанехь йоьдучу эфирехь Даудовс.

Карладоккху, Роспотребнадзоран зерашца, яхначу буса а, дийнахь а махкахь 44 стаг къаьстина коронавирусан ун долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG