ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Минскерчу кхело, 15 де-буьйса хан а тоьхна, чувоьллина Свобода Радион журналист


Груздилович Олег
Груздилович Олег

Свобода Радион Белоруссин сервисан журналистна Груздилович Олегна чохь даккха 15 дей-буьйсий хан тоьхна Фрунзенскан кIоштан кхело. 61 шо долу корреспондент бехкевина, Iедалшкара бакъо йоцуш хIоттийначу митингехь дакъалацарна. Цигара хьал довзуьйтуш хиллера иза.

Груздилович Белоруссин гоьваьлла журналист ву, 25 шо ду цо Свобода Радиохь болх бен.

Белоруссин Iедалхоша аккредитаци дIаяьккхина дела, байначу беттан 25-чохь хIоттийначу акцехь хиллера иза шегарчу журналистан документца а, "Народная воля" газетано тIедиллинарг кхочушдархьама а. Карарчу беттан 10-чохь дIалаьцна иза милицино шен цIера, акцехь даьхна иза тIехь волу суьрташ гайтинера цунна.

"Со журналист хиларе терра, и сан болх бу. Бечу балхана тIехула журналисташ жоьпе ийзор суна нийса ца хета,- аьлла цо кхелехь. - Оцу кепара барамаш Белоруссехь хиларна журналистийн бехк бац. Тхан Iалашо ю - уггар а хьалха долчух дIахаийтар".

Журналистан адвокато "абсурде" ду аьлла, цунна дохку бехкаш, изза бух болуш жоьпе озо йиш ю кхело, акцина тIехъяьлла йоьдучу троллебусан шофер а аьлла, дуста а дустуш.

Минск, Брест, Гродно, кхечу гIаланийн бахархой протестан гуламашка баьхна карарчу хенахь президент волу Лукашенко Александр тоьлла гойту жамIаша, аьлла, харжамийн комиссеша бинчу хаамаша.

Официалан экзитполаша бахарехь, Лукашенко Александрна кхаьжна дIабелла 80% харжамхоша, ткъа цуьнца къовсаеллачу Тихановская Светланина – 7% гергга. Амма жамIаш харц гойту, Тихановская, масала, еккъа цхьана Минскехь тоьлла 20 сов каппашкахь, Лукашенко дуккха а тIаьхьа а вуьтуш, чIагIдо Тихановскаян харжамийн штабо.

Акцийн декъашхоша чIагIдо, экзитполаш а, Белоруссин Харжамийн Клмиссино гойту жамIаш а харц ду, бохуш.

Харжамаш бирзина лору, официало бахарехь, дакъалаьцна барамехь 84% харжамхоша. Официалехь харжамийн жамIаш довзуьйтур ду тахана, Марсхьокху-беттан 10-чохь.

26 шо ду Лукашенко Александр Белоруссин президентан даржехь волу. Харжамийн дийнахь иза ца ваьлла нахана юкъа, кхаж таса вахча, къамел дина журналисташца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG