ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путина яьхьна тIамах схьайолу джекпот". ХIун хир ду Карабахехь тIом сецначул тIаьхьа


Михайлов Владимир

Эрмалойчоь протесташкахь ю – ца тайна бахархошна премьер-министра Пашинян Николас Карабахера тIом сацош тIеэцна хьелаш. Кху беттан 10-чохь Азербайджанан, Эрмалойчоьнан, Оьрсийчоьнан лидерша, карарчу хенахь эскарийн карахь йоллу территори юьсу конфликтан декъашхошна аьлла хIоттийначу бертан кехато эшначийн декъа буьгу эрмалой, чIагIдо Ереванерчу гуламхоша.

Бина барт чIгIо йолуш хилийта азербайджанхой а, эрмалой а герзашца дуьхь-дуьхьал лаьттачу меттигашка хIиттош бу Оьрсийчуьра машарбархой.

Карабахна гонах лелачу хьолах лаьцна Карарчу Хено (Настоящее Время) интервью эцна Киеверчу Политикан талламийн институтан директорера, политикан Iилманийн докторера Перепелица Григорийгара.

– Кхаа агIоно барт тIечIагIбина – Азербайджано, Эрмалойчоьно, Оьрсийчоьно. Азербайджанна ма-хуьллу агIо кховдийна Iийна Туркойчоь стенна яц цаьрца, иза хьахош а ма дац?

– ЧIогIа мехала хаттар ду иза. Туркойчоьно накъосталла латтийра Эрмалойчоьнца леташ йолчу Азербайджанна. Ткъа тахана Туркойчоь цхьаьнхьа а оьшуш а ца нисделла. Оцу хьоло гойту мила тоьлла оцу тIамехь, тоьлларг, масала, велахь.

– Мила тоьлла?

– Тоьлла агIо цхьаъ ю, иштта эр дара ас, буьззина толам баьккхинарг Оьрсийчоь ю.

– Стенна?

– Путина яьхьна тIамах хуьлу джекпот. Стенний? Вай дагалаца деза шераш, конфликт шен куьйга ловзуш Iийна Оьрсийчоь хIинццалц схьа, цунах Къилба Кавказ карахь кхобу гIирс а бина. КхидIа аьлча, Оьрсийчоьнна дуккха а деза. Вайна гуш бу дуьне къовсуш регионийн лидершлахь ллела къийсамаш. Кавказна гонах хьийзаш ши пачхьалкх ю – Туркойчоь а, Оьрсийчоь а. Цундела Туркойчоь Азербанджанца яра, ткъа Оьрсийчоь а ма юй Эрмалойчоьнца тIеман бертахь.

Амма Путин ловзура. Нейтралитетехь ву ша, Азербайджан Эрмалойчоьнан доларчу лаьтта тIе яларна кхерам бац, бохуш. Аьлча а, Азербайджан агрессор яц, иза Эрмалойчоьно дIалецна долу шен латтанаш юхадерзош ю. Путина вист ца хуьлуш Iийра Азербайджано буьззина толам баккха торуш дуйла шена галлалц. Шуша гIала дIалаццалц. И кIошт стратегин мукъ бу, цо цхьаьанатуху Карабахний, Эрмалойчоьнний территореш. Шун карахь Шуша елахь, аш доладо Лачинерчу лаьттан учах, Карабах ерриг а изоляцехь юьсу. КхидIа хено къастадо и регион Азербайджанан карерзар. Хьал оцу тIе ма-деъа Путина и барт юкъакхуссу, кхеташ ду, Азербайджанна цхьацца гарантеш а кхайкхош, еккъа цунна кхйкхийна а ца Iа гарантеш.

–Пашинян Никола Эрмалойчоьнна лазам ебу бина барт, аьлла. ГIо дехха дийхира Эрмалойчоьно Оьрсийчоьне, тIеман гIо а тIехь. КхидIа Оьрсийчоьнанний, Эрмалойчоьнанний юкъаметтигаш муха хир ю аьлла го хьуна?

– КхидIа Эрмалойчоьнца йолчу юкъаметтигийн урхалла Кремло дIалелор ду. Суна гарехь, эшна Эрмалойчоь, цуьнга хьажжина шегара суверенитет яйъа а тарло цо. Эшначун декъахь ю Эрмалойчоь, амма Путина юьхьIаьржа хIуттучуьра кIелхьара яьккхина Эрмалойчоь. Степанакерт а, цхьайолу коьрта гIаланаш а юьсу эрмалошкахь, Карабах доккхачу декъанна цуьнгара дIаяьллехь а. Цигара ерриг а кхерамзаллин зона. 1994-чу шарахь эрмалойн эскарша долаэцна хилла ворхI кIошт дIаяьккхина цаьргара.

– Аьлча а, Карабахеь хилла а ца Iаш, Эрмалойчохь а чIагIлуш ду-кх Оьрсийчоьнан олалла?

– Ахь вуно нийса боху, Оьрсийчоьно Къилба Кавказна ша бан гIерта Iаткъам дIачIагIбина хIинца.

– Азербайджан нислой хIинца Оьрсийчоьнан лаамех йозуш?

– Шеко йоццуш нисло. Стенна? Цхьаъ делахь, хIун кхаьчна Путинна кхаа агIонан бертан декъашхочунна санна? Цо стратегин урх караэцна. Степанакерт а, кхин масех а мехала гIала, Лачинан уча а хIинца цуьнан урхаллехь ю. Караэцна цо Баку Нахичеванах дIатуху некъ а, ткъа Нахичеван – иза Эрмалойчоьнан латтаца йозу Азербайджанан автономи ю. Путина эрмалошкара схьаэцна оцу транспортан зIена тIехь ден урхалла. Цундела Алиев вуьззина возуш хир ву Оьрсийчоьнан позицех. И дерриг а караэцарал совнах, Путина эскарш а хьовсийна цига.

– Ала тарлой Оьрсийчуьрчу эскарех машарбархой?

– Вайна хаа деза, бац Оьрсийчоьнан ницкъаш машарбархой. ДIахьовсош болу машарбархой изза Тулера дивизи ю, ткъа иза Iамийна ду дуьхьало йохо, меттигаш дIайоху, тIом бен ницкъ бу иза. Оьрсийчоьнан эскаршна ядинчу низамашкахь данне а дац машарбархой шайх олу эскар, яц къастийна машарбархойн говзалла. Цундела цига хьийсош долу эскарш деккъа дIа тIом бен эскарш лара деза. 2008-чу шарахь Абхазе хьий сийначу "машарбаран" эскарша динарг а хаьа вайна. Оцу дакъойх Абхазин эскаран малхабаленан дакъа хилира, уьш Тбилисица бечу тIеман агIо хилара. Цундела дац уьш машарбаран эскарш. Къастийначу деа шарахь а Iийна цIадоьрзур дац и эскарш. Дуьсур ду уьш цигахь, Приднестровьехь а, Абхазехь а ма-диссира, ехха зама яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG