ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Навальныйн гIуллакх" шеконе хета Кремлна санкцеш дуьхьал яха


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий

Оппозиционерна Навальный Алексейна тIехула Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яхар "шеконе хилла а ца Iа" аьлла президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Коммерсанто яздо цунах лаьцна. Навальный Германи дехьавоккхуьйтуш сацам оьрсийн лоьраша бина бара, ткъа цаьрга накъосталла де аьлларг Путин ву боху цо.

"Санкцеш тохаран бахьана шеконе хилла а ца Iа, цкъа а ца хиллачу кепара тешамаза ду санкцеш юкъа президентан администрацин куьйгаллера нах бахийтар", - аьлла Кремлан векало.

Песковна хетарехь, Малхбузе "Навальныйн гIуллакхехь" шаьш дечу мукIарлонех тийсало, ткъа Оьрсийчоь "бакъдолчунна тIекхиа" лууш ю.

Иштта, Песковс дийцина, Навальный Омскера Берлине дIавуьгуш сацам бинарг а Оьрсийчоьнан лоьраш бара аьлла. Оцу юкъанна пачхьалкхан президенто тIедиллинера боху цо, "массо а агIор накъосталла де" аьлла.

Хьалхо Путина дIахьедира, Инарла прокуратуре ша дехар дира, Навальный Берлине дIавахийта аьлла, хIунда аьлча, цуьнца доьзна бехктакхаман гIуллакх а, дIахьош таллам а хиларна, дIасаваларна тоьхна дозанаш дара цунна аьлла. Оппозиционеро бакъ ца до, шена бехкамаш бина хилар.

ГIадужу-баттахь Евроберто шен Iаьржа тептар шордира, Навальный Алексейна дIовш даларца доьзна. Ву оцу тептарехь президентан администрацин куьйгалхочун хьалхара гIовс Кириенко Сергей а, ФСБ-н директор Бортников Александр а, тIеман министран ши гIовс а. Химин герзаца оппозиционерна тIелетта аьлла, бехкебина уьш.

Еарин дийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедира, тIейогIучу заманчохь Москвано хаамбийр бу ша Германин а, Францин а президентийн администрацин куьйгаллехь болчу нахана тоьхначу санкцех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG