ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 20 дархо, ун даьлла хиларца къаьстина кхин 1000 стаг.
Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина ялх дархо, Ставрополан а, Краснодаран а кIошташкахь велла пхиппа пациент, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а шишша велла.
Верриг а пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла Къилбаседа Кавказехь 3 281стаг.
Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан кIоштахь- 215 стаг:
Ставрополан махкахь + 215 (23 952 ву пандеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь̆ + 154 (19 234)
Дагестанехь + 97 (17 222)
ГIалмакхойчохь+ 93 (10 293)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 90 (10 735)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 84 (111 90 )
ГIалгIайчохь + 71 (8 184)
Къилбаседа-ХIирийчохь+ 70 (8 105)
Адыгейхь + 77 (6 679)
Нохчийчохь + 49 (3 031)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш ву 118 625 дархо. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирсан уьнца 1 880 551 пациент.