ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь динчу терактца воьзна ву аьлла хаамийн гIирсаша, Миланехь лаьцна нохчо


Миланна гергахь лаьцначу Нохчийчуьрчу вахархочо харц кехаташ латтош хилла террорхойн тобанан декъашхошна. Corriere della Sera газетано яздарехь, дукха хан йоццуш Венехь теракт динарг а хилла оцу тобанахь.

Еарин дийнахь Миланерчу полицино хаамбира, онлайнехь харц документаш а кечдеш, уьш а духкуш хилла Нохчийчуьра схьаваьлла стаг шаьш лацарх. Билгалдаккхарехь, антитерроран операци дIаяьхьначул тIаьхьа италхойн талламчашка информаци кхаьчнера Австрера.

Corriere гIирсо яздарца, "Австрехь лелачу нохчийн а, балканан а террорхойн гаранца" воьзна ву 35 шо долчу Соьлж-ГIалара вахархо Арсимеков Турко. Церан тобанехь хилла Венехь тIелатар дина Фейзулай Куйтим а.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG